Айшат Махметмурзаева 熱門歌曲
積分
AUSFÜHRENDE KÜNSTLER:INNEN
Айшат Махметмурзаева
Künstler:in
KOMPOSITION UND LIEDTEXT
Тамара Адамова
Songwriter:in
歌詞
Вовшашна вай ца гуш генахь ду алий
Вай бинчу бартана дагца шеквалий
Эрна ма вожалахь боккхачу бале
Шеконе диллинарг шеллуш ду хьуна
Безамца хьо хьажчи юьхь басо хуьйцуш
Мерзачу дешнашца матто дог луьйцуш
К1айн дуьне дицдина, вовшашка хьуьйсуш
Вайша мел дийцинарг соьца ду хьуна
Хийла хьо ца гуш мел еха со яхарх
Зезагийн бошмашкахь зама д1аэхарх
Дикачу к1ентарша суна го бахарх
Хьуна бен сан даг чохь меттиг бац хьуна
Рег1а малх тевжича, ц1ен басар кхетта
1аьршан йист х1оьттича, ша хазахетта
Седано болийча лаьтта б1аьрг бетта
Хьегаро хьовзайой, гатлуш йу хьуна
Безамца хьо хьажчи юьхь басо хуьйцуш
Мерзачу дешнашца матто дог луьйцуш
К1айн дуьне дицдина, вовшашка хьуьйсуш
Вайша мел дийцинарг соьца ду хьуна
Хийла хьо ца гуш мел еха со яхарх
Зезагийн бошмашкахь зама д1аэхарх
Дикачу к1ентарша суна го бахарх
Хьуна бен сан даг чохь меттиг бац хьуна
Телхачу ойланийн урх д1а ма хеца
Хьо везачу йо1е хьажа дог эца
Орцанна ахь улло оьздалла леца
Ойланийн урх тосург вовш хуьлу хьуна
Безамца хьо хьажчи юьхь басо хуьйцуш
Мерзачу дешнашца матто дог луьйцуш
К1айн дуьне дицдина, вовшашка хьуьйсуш
Вайша мел дийцинарг соьца ду хьуна
Хийла хьо ца гуш мел еха со яхарх
Зезагийн бошмашкахь зама д1аэхарх
Дикачу к1ентарша суна го бахарх
Хьуна бен сан даг чохь меттиг бац хьуна
Дикачу к1ентарша суна го бахарх
Хьуна бен сан даг чохь меттиг бац хьуна
Хьуна бен сан даг чохь меттиг бац хьуна
Written by: Тамара Адамова